Открытый урок по чеченскому языку на тему: Гадаев Мохьмад – Салахь. «Ц1ен –Берде», «Даймахке сатийсар» в соответствии с распоряжением Руководителя Администрации Главы и Правительства ЧР
21.02.2023Технологически карта.
1.Предмет: Нохчийн литература.
2.Урокан ц1е: Гадаев Мохьмад – Салахь. «Ц1ен –Берде», «Даймахке сатийсар».
3.Урокан тайпа: Довзийтаран.
4.Урокан г1ирс: учебник, тетрадь, ручка, видео ролик.
Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.
Кхеторан: Яздархочух лаьцна боцца хаамаш. Т1амо яхьаш йолу къизалла а, цо ден зуламаш а гайтаран башхалла. Т1амна дуьхьал 1овтта кийча хила дезаш хиларан ойла кхиор.
Кхиоран: Маршонехьа, сийлахь Даймохк ларбарехьа яхь йолчу 1енташка поэтобен кхайкхамаш.
Кхетош – кхиоран: Даймахке а, нохчийн литературе а болу безам кхиор.
Урокан некъ.
1.Студенташка маршалла хаттар.
Белхан меттигаш кийча хилар таллар.
2.Ц1ахь бина болх таллар.
Хаттарш а, т1едахкарш а.
4.Керла коьчал йовзийтар.
ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 –1972)
ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла дукха хан ялале поэтан цIе шуьйра евзина литературехь. Цуьнан кхолларала тахана а уггар мехалчарах ю нохчийн поэзехь.
Нохчийн поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909 шеран 10-чу декабрехь Нажин-Юьртан районерчу Чуьрча-Ирзехь ахархочун Гадин доьзалехь. Герггарчу хьесапехь 1924 шарахь ГадаевгIеран доьзал Гезлой-эвла кхелхина бахна. Оцу юьртара ворхIшеран школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1928чу шарахь Ростов-гIала рабфаке деша вахна иза. Цигахь кхиам-ца дешна. Рабфакехь доьшучу хенахь программица йогIучул совнаха дукха литература ешна Гадаев Мохьмад-Салахь. ТIевирззина Iамийна философин а, космогонихула болу белхаш а. Цуьнан лерринчу тидамехь хилла немцойн философан И. Канта язйина «Всеобщая естественная история и теория неба», французийн Iилманчин П. С. Лапласан «Трактат о небесной механике». ТIаьхьа Гадаев Мохьмад-Салахь ша а язбина астрономихула а, философихула болу белхаш. Рабфакехь яьккхина хан мехала хилла хинволчу яздархочунна. Литературех, искусствох, кхидолчу Iилманех гIеххьа хаарш кхолладелла цуьнан. Ростовехь дешна ваьлча, цIа а веана, цхьана муьрехь Аух-юьртахь (хIинца ДегIастанан республикера Новолак) школан директоран болх бина цо. Цул тIаьхьа Нажин-Юьртан райисполкоман жоьпаллин секретаран даржехь а лаьттина иза. ТIаккха Нажин-Юьртан райЗО-н (Районный земельный отдел) заведующи хIоттийна. И хан дагалоцуш, 1933-чу шеран 30-чу апрелехь хIинцалеран Замай-Юрт йилла шаьш дуьххьара бел йогIар безам хеташ карладоккху поэто цул тIаьхьа 32 шо даьлча язйинчу шен «Замай-Юрт» стихотворенехь. Оцу юьрте, юьртахошка йолчу йовхачу ойланашца язйина ю стихотворени.
1930-чу шерийн шолгIачу эхехь Гадаев Мохьмад-Салахьан стихотворенеш арайийлина газетийн, журналийн агIонаш тIехь, тайп-тайпанчу юкъарчу сборникаш тIехь. 1938-чу шарахь цо язйина «Й-те» («Йисите») цIе йолу стихотворени поэтан кхоллараллехь хилла ца Iаш, ерриг нохчийн поэзин безаман лирикехь хIинца а тоьллачарах ю. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болабелча цо язйина «Мехкан лоьмашка», «ДоттагIашка», кхийолу а стихотворенеш хIетахьлерчу къоман поэзехь дикачарах яра. Поэтан цхьайолу стихотворенеш оьрсийн матте а яьхнера. Масала, «Герздалар» цIе йолу поэма, цIеяххана волчу оьрсийн поэта А. Тарковскийс гоч а йина, зорбатоьхна ю 1939 шарахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу книги тIехь. Поэтан шен дуьххьарлера книга, «Стихаш» цIе а йолуш, араяьлла 1940 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Оцу хенахь дIаэцна иза СССР-н яздархойн Союзе. ХIетахь гоьваьллачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан стихаш ерриг Нохч-ГIалгIайчохь евзаш хилла.
ШовзткъалгIа шераш дуьйлалуш Нажин-Юьртан районера Соьлжа-ГIала Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзе литконсультантан балха схьавалийна Гадаев Мохьмад-Салахь. ХIинца тIевирззина, боккхачу лаамца болх бо цо поэзехь а, прозехь а. Кхечу къаьмнийн яздархойн дуккха а произведенеш нохчийн матте яьхна цо. Мохьмад-Салахьа гочйинчу произведенеш юкъахь ю Пушкинан, Лермонтовн, Л.Толстойн, Некрасовн, Чеховн, Фадеевн, Исаковскийн, Асеевн, Ставскийн, Д.Бедныйн, С. Чикованин, Дж. Джабаевн, кхечеран а произведенеш. Цо дакъалоцу нохчийн школашна учебникаш хIиттош. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла теллинчара бахарехь оцу шерашкахь цо зорбане кечйина хилла шен алссам книгаш: «Довха дог», «Безаман лирика», «Попан дийцар», «Партизанаш», «ЧIир екхар, чIирхо витар» цIе йолу болх, «Кунта-Хьаьжа» пьесина кечдина йозанаш. Амма царах цхьа а зорбанехь араяла ца кхиира. Сталински таIзар лаьттинчу хенахь, 1944 шо долалуш нохчийн къам цхьана дийнахь дерриг хьаьккхина махкахдаьккхина. Гадаев Мохьмад-Салахь Киргизи нисвелла. Цигахь цхьана кхачанан сурсатийн складан заведующи хIоттийна иза. Юьхьанца хийрачу махкахь гIело, цамгарш, мацалла токхуш болчу нохчашна складера продукташ луш хилла Гадаев Мохьмад-Салахьа. Складана ревизи йича, кхачанан сурсаташ тIе ца тоьу, дайина аьлла, 10 шо хан тоьхна, чувоьллина иза. Ашхабадан, Чарджоун гIаланийн набахтешкахь яьккхина цо чохь ваьллина хан. Набахтин халчу хьелашкахь а шен йозанаш ца дитина поэта, цо язйо стихаш, кхийолу произведенеш. Царах ю, масала, авторан дикачарах йолу лирически стихотворени «Мунаева Саибате». 1949 шарахь набахтехь цамгар кхетта Мохьмад-Салахьана, иза хIинца а дарба кароза йолу рак ю аьлла, лоьраша. ХIетахь язйина ю авторан весетан маьIна долу
«ЦIен Берд» стихотворени
Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.
Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,
Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтту хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа.
Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,
Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа...
Дог-мерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,
Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.
Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь.
Лаккхарчу поэзин билгалонаш ю оцу стихотворенехь.
Делан кхолламца лоьрин прогноз нийса ца хиллера, Мохьмад-Салахь юхавирзира оцу цамгарх. Амнисти а яьлла, 1953 шарахь лаьцначуьра мукъа валийтина иза.
Шовзткъе уьтталгIачу шерийн шолгIачу эхехь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета тIехь зорбатухура поэтан произведенеш. ХIетахь оцу газетан агIонаш тIехь зорбане евлира стихотворенеш: «РегIара поп», «Ши лаам», «Сурте (ХIумма а дац, елха хьо, испанхойн нана…»), «Стих», «Ботта-Махьма», «Вон ма хила...», кхиерш а. Цаьргахула вевзира поэт хIетахьлерчу дешархошна. 1957 шарахь ша дукха сатийсинчу шен Даймахка, Нохчийчу, цIа вирзира Гадаев Мохьмад-Салахь. Иза боккхачу айамца болх бан волавелира. Яздархочунна тIехь даккхий декхарш лорура цо. Нохчийн яздархойн цхьана гуламехь ша динчу къамелехь Гадаев Мохьмад-Салахьа элира: «ХIинца вай вешан цIахь ду. Махках даьхна, даьржина лелаш хIуъа лелийна хиллехь а, хIинца доллучунна тIехь вешан халкъана масал хилла дIахIитта декхар ду вай. Доккха жоьпалла ду яздархочунна тIехь. Цундела муьлххачу а ледарлонах, муьлхха а вониг шегара даларх ларлуш хила веза яздархо. Сихвала мегар дац цхьана а хIуманна тIехь. Собар! Собар! Кхин цкъа а собар! – баьхна вай дайша. Иза цкъа а дицдан мегар дац».
Дегайовхонца, леррина, болх бора Гадаев Мохьмад-Салахьа оцу муьрехь. Цо издательстве дIаяла кечйинера шен поэтически сборник. «Ленинан некъ» газетан редакцехь а яра зорбане яха кечйина цуьнан стихаш. Астрономихула болу талламаш лелош а вара иза. Амма царах цхьа а гIуллакх кхочуш ца хилира. Къинхетам боцчу кхолламо юкъахдаьккхира дерриг а. Гадаев Мохьмад-Салахь сиха амал йолуш стаг вара, цкъацкъа цунна шена а ца тоара собар, ойланал хьалха синхаамаш бовлар а нислора. Гадаев Мохьмадан карах стаг велира. Тоьпаш туху кхиэл кхайкхира суьдо, амма нохчийн яздархойн союзан куьйгалхочо Арсанов СаьIид-Бейс дехарца, Гадаев Мохьмад нохчийн къоман гоьваьлла поэт хилар тидаме а эцна, лахдира таIзар, 20 шо хан тоьхна чувоьллира иза. ТIаьхьа 15 шаре ялийна и хан. Гадаев Мохьмад къера вара шегара даьллачунна, цо шена къинхетам ца боьхара, кхидIа ша мел яьккхинчу хенахь оцу бехко дагош дара цуьнан дог. Поэта Цуруев Шарипа Гадаев Мохьмадах лаьцна йолчу шен цхьана статья тIехь яздо: «Иза (Гадаев Мохьмад – А.А.) ша-шеца барт боьхна ваьхна стаг хилла аьлла, хета суна: цуьнан кIорггера хьекъал, доккха похIма, шуьйра хаарш бертахь ца хилла аьлла, хета цуьнан тIех сихачу, карзахечу амалца, цуьнан доьналлица, харц-ницкъана, кхерамна хьалха корта таIо цахаарца. Иза хила а тарло цунна тIехIиттинчу бохамийн коьртачарах долу цхьа бахьана».
Цу тайпана, юха а хедира поэтан ешархошна тIебогIу некъ. Нохчийн поэзин исбаьхьа цхьа агIо дIакъовлаелира. Еххачу хенахь лаьттира Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенеш тIекхуьучу чIурашна ца евзаш. Бакъду, цуьнан произведенеш куьйга язъеш, къайллах кара-кара луш, лелаш яра поэзи езачарна юккъехь. Доккха гIуллакх дора Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенеш йовзийтарехь Сулаев Мохьмада. Машинки тIехь зорба а тоьхна, поэтан тоьлла йолу стихотворенеш, ша башха гIара а ца волуш, дIасалора цо. Царна юкъахь яра «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «РегIара поп», «ЦIен берд», «Гитаран аз», кхиерш а. Сулейманов Ахьмада а гIуллакх дора Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла йовзийтарехь, дечиг-пондар тIаьхьа а балош чIогIа исбаьхьа олура цо «Даймахке сатийсар» стихотворени тIехь даьккхина илли. Поэтаца иза чохь воллуш а хаддаза уьйр йогIуш хиллачу Шайхиев Iалвадис Нажин-Юьртан районан газетан агIонаш тIехь Салахь Магомедов цIарах зорбатоьхнера поэтан масех стихотворени. КхидIа зорбатохар сацийнера Салахь Магомедов псевдонимца Гадаев Мохьмад-Салахьан стихаш арахоьцуш хилар гучудаьлча. Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран спектакль юкъахь яра Гадаев Мохьмад-Салахьан «Бэлин йиш», кхечу спектакль юкъа дахийтинера «ЦIен берд» стихотворени тIехь даьккхина илли. Радиохула, автора цIе а ца йоккхуш, цхьана муьрехь кест-кестта локхура «Бэлин йиш».
Оцу хьелаша гойту Гадаев Мохьмадан-Салахьан кхолларалла мехала хилар, иза къомана оьшуш, халкъо шен лоруш поэт хилар.
Гадаев Мохьмад-Салахь лаьцначуьра мукъавалийтина 1972 шарахь. Цул тIаьхьа эха шарахь бен ца ваьхна иза. Гадаев Мохьмад-Салахь кхелхина 1972 шеран 22 декабрехь ша винчу юьртахь Чуьрч-Ирзехь. Кхин а ткъех шо даьлча бен зорбанехь ара ца евлира цуьнан произведенеш.
Гадаев Мохьмад-Салахьа хаьржинчу произведенийн (поэзин, прозин) книга «Буьйсанан бере» араелира Соьлжа-ГIаларчу «Книга» издательствехь 1993 шарахь. Оцу книгина хьалхара дош а яздеш, иза зорбане кечйинера Шайхиев Iалвадиссий, Рашидов Шаидий. «Буьйсанан бере» книги юкъа яхнера поэтан тоьллачарах йолу 40 стихотворений, 7 поэмий, поэмийн дакъошший, 5 кегийра а, чекхъялаза йисина а прозаически произведенешший. Уьш ю яздархочун кхоллараллех зорбанехь араевлла, тахана вайна евзаш йолу ерриге а произведенеш. Мехала ду цу тIехь прозин произведенеш хилар а. Уьш хьалха йовзаний а евзаш яцара. Цара гойту Гадаев Мохьмад-Салахь говза прозаик а хилар. Къаьсттина дика ю автобиографически повесть «Гуржи» а, нохчийн махках бахарх лаьцна йолу «Ирча сурташ» а. И произведенеш чекхйовлаза йиснехь а, ма-дарра альча, йолийна бен яцахь а, гуш ю церан исбаьхьалла.
«Буьйсанан бере» книга схьаеллало «Даймахке сатийсар» стихотвореница. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь хьовха, ерриг а къоман поэзехь а жовхIаран буьртиг лара мегар долуш ю и стихотворени. «Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь» – цIеххьана тоьхна ткъес санна, кийра шело хьодуьйтуш долчу оцу вастаца дIайолийнчу стихотворени тIехь даймахке безам гIатторехь инзаре чIогIа ницкъ болу исбаьхьаллин сурт кхоьллина автора.
Чурт сана, лаьтта со
ГIум-Азин арахь.
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо.
Малх, буза бегийна,
регIа лахбелча,
Суьйре а, даш санна,
сайна язъелча,
Ойлане дарц даьлла
со айавелча,
Даймахка вуссу со,
Язал Жалала.
Бераллехь хьийзинчу
даккъашка вуссий,
Ламанан арешка гIийла
бIаьрг кхуссий,
ХIиттинчу бIаьргаш чу
сирла хиш дуссий,
Даймахке хьоьжу со
Язал Жалала.
Тезетахь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
ГIайгIанех юьзна го
тогIенаш, Iаннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Язал Жалала.
Вай дина ярташ го
тишъелла, гIийла.
Го сирла шовданаш
дай боцуш мийла,
Вай хьомсар ков-керташ,
каш санна шийла,
Сов ирча карайо,
Язал Жалала.
ТIаккха со, дог духий,
аьрцнашка волу,
Iийжачу кийрара
мохь-цIогIа долу,
Яьссачу тогIеша
соьца мохь олу,
Iадавой воьрзу со,
Язал Жалала.
Чурт санна лаьтта со
ГIум-Азин арахь.
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь эзарнийн адамийн хилла дог-ойла гучуйолу цуьнца. Лаккхара исбаьхьаллин похIма долчу авторан юткъаеллачу ойлано, деган Iийжамо кхоьллина стихотворени ю иза, цундела лаккхара исбаьхьаллин ницкъ болуш, адамана Iаьткъаш ю. Шен дахарх ах хан Даймахках хаьдда, цунах хьоьгуш, цуьнга сатуьйсуш яьккхинчу поэтан ша-тайпа ира синхаамаш а, йовха дог-ойла а ю винчу махке, дай баьхначу лаьтте. «Берахь бIаьрг биттина, Къоначохь хьиэшна, Къанвелча тIехдезна Къонахойн латта! Хьенан дог детталац Хьеречу наха Хьарам куьйг кховдийча, Хьаналниг датта?» – боху цо «Дай баьхна латта» стихотворенехь. «Хьарам куьг» долчу «хьеречу нахах» мохк Iалашбаран ойла чIагIйо «Шина коган экха» стихотворенехь а, кхечу произведенешкахь а.
Iаламат мехала ю поэтан Iаламан лирика а: «РегIара поп», «Орцара гIов», «Гуьйренан зезаг», «Даймехкан сурташ», «МаьркIажан мур», «Дорцан марха», кхиерш а. Оцу стихийн коьрта башхалла ю Iаламан хьелаша адаман кийрахь кхуллуш болчу синхьегаман исбаьхьаллин сурт диллина хилар. Iалам а, адам а, царна юкъара уьйраш – оцу хьокъехь хаддаза ойлаеш хилла поэт. И шен ойланаш стихашка а ехкина цо. Гадаев Мохьмад-Салахь чIогIа лерина болх беш хилла шен стихаш тIехь. Цо олуш хилла, Лев Толстойс бохучунна тIехь ву ша: ца яздеш Iавелча, яз ца до ша. Поэта ша ма-аллара «даг чуьра схьагIерташ», «кийрара Iанаяхчий бен» стихаш язъеш а ца хилла цо. Мух-мухха а стихаш зорбане ца елла. Дуккха а тIехь къахьоьгий, ойла къеггина гучуйолу агIо нисйой, исбаьхьаллин хатI кхоччуш шардича бен, стихотворени гучуйоккхуш а ца хилла цо. Гадаев Мохьмад-Салахьан поэтически лехамех мелла а кхиа таро хуьлуьйту цо поэте Шайхиев Iалвадига 1964 шеран 24 июлехь яздинчу кехато. «Орцара гIов» цIе йолчу стихотворенин хьокъехь ю оцу кехата тIера вай ялон меттигаш. «Цу вай раьгIнашкахь цхьа сурт ду хIуттуш дарц дала кечделлачу хенахь (дукха хьолахь Iа дулучу муьрашкахь): мох а болий, аьрцнаш угIа дуьйлало, берзлой санна. Дукха хьолахь суьйранна (я буса) хIутту и сурт. ТогIеш тийна а йолуш, «о-в-в» бохуш, тийжа, угIа дуьйлало аьрцнаш. Оцу угIаро цхьа тамашийна (дуьне доьлхуш санна) сурт хIоттадой, сагатдалар а, самукъадалар а вовшахкхетча санна, хоьтуьйтий, ша ма-дарра хьовзош ву со, вала-вола меттиг гатбой. И сайна хIуттуш долу сурт, вуьшта аьлча, и сайгахь хIуттуш долу хьал далхо лууш хуьлу со стихан кепехь. Оцу лаарах (и санна я цунах тера кхечу лаарах а) олу аса и «даг чуьра схьагIертар».
И дийцина сурт хIотто (стихан кепехь охьадилла) лууш со волу масийтта шо ду (30 шо лаххара а). Мосуьйттаза и дилла а гIоьртина со. Амма сан дагахь ма-дарра ца нисделла сан и. Оцу «гIертарех» цхьаъ ду хIокху кехаташна тIехь аса хьуна дIадоуьйтуш дерг. Хьуна ма-гарра, йиъ вариант ю уьш... Царах тIаьххьарниг («чекхъяьлларг») IV-гIаниг ю. Амма со реза волуш хIоьттина яц иза а.
Бакъду, и сурт (и раьгIнаш угIа йоьлча, хIуттуш долу хьал-сурт) чолхе (неопределенный) сурт ду ша. Цундела ду цуьнан «диллар» хала а. Вуьшта, и санна дагчу доьжна, дагах кхетта, дагна Iеткъаш доцу сурт (хIума) «са доцуш» хир ду, мел «говза» яздича а. Ткъа дагна Iеткъаш, даг чуьра схьагIерташ хилча а хир ду и «са доцуш», нагахь цуьнан «диллар», яздар дагна Iеткъаш ма-дарра ца хIоьттинехь.
КхидIа шен оцу кехат тIехь Гадаев Мохьмад-Салахьа яздо поэт, поэтически кхолларалла муха хилаезарх лаьцна. Мехала тидамаш бу уьш: «ХIума, и хIуъа делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар (оьрсашха аьлча: наблюдательность, проницательность, чувствительность) – и бу поэтан цхьа агIо – аьрру агIо. Ткъа, поэтан (яздархочун) аьтту агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала (дIаяздан) хаар. И ши агIо цхьанакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шиннах муьлхха а цхьа агIо бацахь, – тIаккха кхолларалла «са доцуш» хир ю, шийла хир ю, дегнех (нехан дегнех) ца кхеташ хир ю». И лехамаш кхочушбан гIиртина поэт шен кхоллараллехь.
Iаламат мехала ю Нохчийн Республикин Iилманан Академис кечйина 2010 шарахь арахецна Гадаев Мохьмад-Салахьан произведенийн ши том: «Безаман БарлагIа» – I том, «Синме-халлаш» – II том. Царна тIехь зорбатоьхна Гадаев Мохьмад-Салахьан хIинццалц схьа карийна йолу ерриг произведенеш. Нохчийн Республикехь 2010 шеран март баттахь дIаяьхьира поэт вина 100 шо кхачарна лерина йолу Ерригроссийски Iилманан-практически конференци. Оцу конференцин материалаш зорба а тоьхна арахецна. Доккха маьIна ду церан Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла ерриг пачхьалкхехь шуьйра йовзийтарехь.
Гадаев Мохьмадан цIарах урам бу Соьлжа-ГIалахь а, Нажин-Юьртахь а. Поэтан цIарах ю Нажин-Юьртара № 3 йолу юккъера школа а, оцу школехь музей а.
Нохчийн литературин уггаре къегинчу агIонех цхьаъ ю Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла.
2 -3 дешархочуьнга стихотворени «Даймахке сатийсар» нийсачу интонацица йоьшуьйту.
7.Хаттарш а, т1едахкарш а.
Маьрша дехаш 1аш долчу адамашна т1амо шеца дохьург х1ун ду?
Нохчийчоьнан нене, йише х1ун кхайкхамаш бо поэто? Схьа а лахий, д1адеша и мог1анаш.
Сийлахь Даймохк а, сийлахь вай дай а юьхь1аьржа ца х1итто дезарг х1ун ду?
Муха кхета шу кху мог1нех:
….Майра к1ентий леташ бу;
Вай шайн долуш ,вай шайн г1о деш
Лаьмнел дегнаш хеташ бу.
7.Урокан жам1 дар.
Х1ун тайпа ойланаш кхоллало шун дегнашкахь стихотворении ешча?Муьлха дешнаш ду шуна уггар ч1ог1а дагахкхеттарш?
8.Ц1ахь : Гадаев М – С.биографи, стихотворени «Даймахке сатийсар» дагахь 1амо.
9.Рефлекси. Суна урокехь зеделларг!
Стихотворенин чулацамах лаций суьрташ дахка.